ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Назранерчу "Мемориалан" офисах цIе тесна


Назранера бакъонашларъяран центран "Мемориалан" офис ягийна муьлш бу ца хуучу наха. Организацин кхеташонан декъашхочо Орлов Олега бахарехь, арахьа хIиттиначу камераша дIаяздина, сатосучу хенахь 03.35 минот хан яьллачу заманчохь офисна гергар йогIу машен.

Машенчуьра охьаваоьсинчу туьтмIаьжгаш йоьхкинчу шиммо гIишлонан корех лами а гIортийна, аьтто бо чувала. ШолгIачу гIат тIехь ю "Мемориалан" офис.

"Цхьаннан карахь канистр ю, видеокамера йохо гIоьртира и шиъ. Кор дохийна, офиса чуваьлла и шиъ. 6 чоьнах латттачу "Мемориалан" кхо чоь йохийна, лелийна шиша а карийна. Гарехь канистричуьра коьчал цу шишан чохь дIасаIенийна цара", - аьлла, дийцина "Кавказ.Реалиига" Орловс.

Дикка зен дина бакъонашларъярхойн хIусамна, Орловс бахарехь. "Оргтехника а яьгна, документийн цхьа дакъа хIаллакдина, хIусамаш йохийна. Терроран акт лору оха и ГIалгIайчоьнан территори тIехь дина. ЦIетасар, нах кхерор, дуьненаюкъарчу организацина зен дар – и дерриге а терактна юкъа догIуш ду", - боху Орлов Олега.

"Мемориал" церан мостагI ю, цундела новкъара баха гIерта уьш аьлла Орловс, Нохчийчуьра арабаьхна а ца Iаш, йоллу Къилбаседа Кавказера а цхьана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG