ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Информацин тIелатарш до шайна Малхбузено аьлла Кадыровс


Нохчийчоьнан Iедалшна дуьхьал информацин тIелатарш до аьлла мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. "Газета.ру" зорбан гIирсо бина и хаам, регионан урхаллан сайтерчу информацина тIе а тевжаш.

"Карти тIехь кхи къаьсташ а яц Нохчийчоь, амма цунах бен кхи дуьйцуш хIума дац Малхбузерчу мехкаша а, тхан пачхьалкхерчу церан гIоьнчаша а. Республикехь адамийн бакъонаш хьоьшуш ю бохуш, даим Iиттало тхо оцу информацин тIеIаткъамах. И дерриге а бух болуш а дац", - аьлла Кадыровс.

Цо бахарехь, информацин тIелатаршца мостагIий нохчийн юкъаралла екъа гIерта, церан барт а иэгIош.

Хьалхо Кадыров Рамзана дIахьединера, Iамеркехьчул а лаккхара ю Нохчийчохь кхерамзалла аьлла.

XS
SM
MD
LG