ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Автурханова Амина лаьцна Нохчийчохь


Йина кхел а йоцуш вийначу шен цIийнден Джабаев Зеламхан хьокъехь талламаш болийна Автурханова Амина лаьцна Нохчийчохь. КIира сов хан ю иза шен гергарчаьрца зIене ца йолу. Еарийдийнахь "Новая газетан" редакцин телефона тIе анониман хаам беана цунах лаьцна.

Бинчу талламехь гучудаьлла Теркйистерчу Лакха Неврера шен нана йолчу еанчуьра иза карарчу беттан 8-чохь дIайигина хилар. Старопромыслан кIоштан полицин декъехь латтош ю иза, мича хьолехь ю хууш дац.

Стохка аьхка "Новая газетано" дийцинера кхел йоцуш Нохчийчохь байинчу нахах.

Церан хаамашца, Дечкен-беттан 26-чу буса мел лахара а 27 стаг вийна Нохчийчохь. Царлахь хилла Джабаев Зеламха а. Мехкан Iедало бакъ ца йира газетан информаци.

Стохка ГIуран - баттахь полисхоша шен цIера лаьцна дIавигинера Джабаев. Масех кIиранах полисхойн декъехь латтийнера иза.

Цул тIаьхьа цунах хилларг хууш дацара. Меттигерчу ницкъахошкахула шен цIийндех хилларг хаа гIертарх а, Автурханова Амина тIе ца кхиира иза. Цул тIаьхьа Автурханова Аминина а. цуьнан гергарчарна а кхерамаш туьйсура Iедалхоша, тIаьхьадевлла лелачуьра совца бохуш.

Кхо бутт хьалха карарчу жимачу бераца полисхойн декъехь латтийнера Амина 12 сахьатехь.

Автурханова лаьцна хиларх хаийтина Оьрсийчоьнан омбудсмене а. Москалькова Татьянас кехат дахьийтина Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралле, цунах дерг хаийта шена аьлла.

Гергарчу хенахь адвокат кхетар ву бакъонашларъярхочух.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG