ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-ГIаларчу бакъонашларъяран "Мемориал" центран декъан куьйгалхочун Титиев Аюбан адвокатан Заикин Петран машенна тIехь терго латтош, тIаьхьабевлла нах бу, иза Нохчийчохь дIасалелачу заманчохь аьлла, "Кавказ.Реалиин" портале хаамбина адвокато.

"Уггар хьалха сан машенлелорхочо бира цуьнан тидам. Даим цунна тIаьхьалелаш хилла детиха басара Форд Фокус машен. Ши стаг вара боху цо машен чохь. Полисхойн дакъа лоьхуш, оха масийттазза некъаш хийцира, амма и машен тхан лорах йогIучуьра юхуш яцара", - аьлла Заикина.

Федералан некъа тIехь адвокат чохь волу машен сацийра, талламаш бан. Цигахь а лаьттира тхоьца Форд Фокус 7-8 минотехь. Соьлж-ГIала чувуллучохь машен къайлаелира, автомобилаша букъийначу некъахь, амма талламбар дIахьош дара бохуш, дийцина Заикина.

"Соьлж-ГIалахь дIасалелачу хенахь а хааелира тхайна тIаьхьаяьлла лела Лада Приора Iаьржачу басахь. Тхо мичча дIасадерзахь а, тхо тергонера дIа ца дохура оцу машено. Гуш дара, тхо лардойла цара. Хетарехь, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахой хилла уьш", - дийцина адвокато.

Нохчийчохь кху беттан 9-чу дийнахь дуьйнна лаьцна латтош ву "Мемориал" декъан куьйгалхо Титиев Аюб. 60 шо долу Титиев бехке вина наркотикаш лелийна аьлла. Ша Титиевс чIагIо йо, шегахь наркотикаш цахиларх а, полисхоша уьш шен машенчу кхийсина хиларх а.

XS
SM
MD
LG