ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркан президентан Трамп Доналдан могушалла тIехдика ю аьлла цуьнан лоьро


Дукха хан йоццуш Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президентан Трамп Доналдан могушалла теллинчул тIаьхьа, тIех дика ю и аьлла, хаамбина шинарийдийнахь журналисташка КIайчу цIийнан лоьро, контр-адмирала Джексон Роннис.

Джексона бахарехь 109 кила ю Трампан дегIан йозалла. Яц цуьнца я диабет а. ХIора денна "Крестор" препаратан 10 милиграмм молу цо шен холестерин охьадаккхархьама. Ишта молу цо аспирин, тромбех ларлуш.

Трампан холестерин лакхара хиларан бахьана ду, цо, хууш ма хиллара, фастфудаш а, гарзанаш а, кемпеташ, морожнеш дукха юуш хиларна.

Трампан психикан могушаллех аьлча, цхьаболчу эксперташа шеконашкахь юьлу цуьнан могушалла, Твиттерехь Трампа зорбане дохучу йозанийн терго а еш, боху лоьро.

Доктора Джексона хаамбина прессе, ша Трамп 10 минотехь когнитиван тестах, цуьнан шен лаамца, чекхваьккхина хиларх. Лоьро бахарехь, и тест ян оьшуш хиларан бахьанаш ца гора цунна.

Экзаменан жамIаш Iаламат дика дара боху Трампан лоьро.

Монреалан когнитиван шкалаца 30 балл яьккхина Трампа, яккха магийначу 30-ннах аьлла доктора Джексона.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG