ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Мемориал": Титиев Аюбан гIуллакхца доьзна ду офисах цIетасар


ГIалгIайчуьра "Мемориал" цIе тесначул а тIаьхьа

Хьан ягийна ГIалгIайчуьрчу "Мемориалан" офис? Хьан лаьцна, наркотикаш а кхийсина, Нохчийчуьрчу "Мемориалан" куьйгалхо?

please wait

No media source currently available

0:00 0:03:02 0:00
Линкана тIе

ДIаяхначу буьйсана муьлш бу ца хуучу наха ягийна "Мемориалан" Несар-гIалара офис. Ши чоь а, цу чуьра цхьацца белхан кехаташ а, гIирс а баьгна.

ЦIеяйархой сиихонца цига кхачаран бахьанашца иза дIаеяйа аьтто баьлла, кхи а дIасаяржале. ХIицна цу меттехь талламаш беш бу полисхой, аьлла Маршо Радиога дийцира "Мемориалан"декъан куьйгалхочо Акиев Тимура: "Талламхой болх беш бу кхузахь. Чолхечу хьолан министраллера говзанчаша хIинцале шайн сацам бина. Царна хетарехь - цIе тесна ю. Видеош а ю яьхна. Цаьрга хьовсуш бу уьш хIинца. Цу тIехь гуш бу нах лами а хIоттийна, чубовла гIерташ.

Видеокамераш а йохийна цара. Цундела цIе тесна хиларан верси-коьртаниг ю. Ткъа хIунда дина иза бохучун, тайп-тайпана версеш хир ю. Амма тхуна ца хета ГIалгIайн махкахь оха бечу балхаца доьзна хIума ду иза аьлла. Цхьана а кепара девнаш, я къийсаме хьелаш тхан кхузахь хилла дац".

Несар-гIаларчу "Мемориалан" офис ягорна официала верси цкъачунна гIараяьккхина яцахь а, цуьнан белхахойн шеко яц иза стенца доьзна хилла.

Оцу цхьанатохараллан куьйгалхойх цхьаъ волчу Орлов Олега дIахьедар дина, иза Нохчийчура "Мемориалан" куьйгалхо Титиев Аюбана дуьхьала долийначу гIуллакхца доьзна зулам ду аьлла.

Цунна тIетов Акиев Тимур а: "Иза тхуна хетарг ду. Кху тIаьххьарчу деношкахь тхан машенахь офисе лелла уьш Нохчийчу. Схьахетарехь цигахь оцу машенна тIе бIаьрг хIоьттина хила тарло. Иштта новкъарло ян гIоьртина хир бу. Иза тхан верси ю, "Мемориалан".

Кхечу бакъонашларъярхойн шеко яц Несар-ГIалара "Мемориалан" офис ягаяр - Титиев Аюбан гIуллакхаца доьзна хилар. "Машр" цхьанатохараллан куьйгалхочо Муцольгов Мохьмада иштта элира цуьнах: "Аюбан гIуллакх бахьнехь хилла иза. Кхин хIун бахьанаш ду? ХIинцалц лаьттина яц иза? Цуьнций бен кхин зIе йолуш хIума дац-кх иза. Муьлха а бахьана делахь а, иза ирча хIума ду. Дика а дац, хаза а дац, нийса а дац. Вайн махкахь ца дезаш хIума а ду. Цара нахана гIодар бен стагана зен дина а дац".

"Мемориал" дуьххьара цхьанатохаралла яц Iаткъам лайна. Цул хьалха "Къизалшна дуьхьало латторан комитетан" Соьлж-гIаларчу офисна а муьлш бу ца хуучу наха тIелатар а дина, аьттера цу чуьра мел йолу хIума.

Белхахойн бовда дезнера. Жимма хан яьлча, ГIалгIайн махка дехьа яьккхира, амма Нохчийчоьнца дозанехь бакъонашларъярхошна а, журналисташна а туьтмIаьжгеш йоьхначу наха къиза йиттинера.

Цул тIаьхьа ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека омра а делла, и цхьанатохаралла махках яьккхира. ХIинца церан офис Ставрополехь ю.

"Мемориало" цкъачунна дIакхайхкина дац шаьш Нохчйичуьра а, ГIалгIайн махкара а дIагIур ду аьлла.

Амма шаьш юьхьарлацар диканна доцийла кхеташ, цара схьахетарехь шайн белхан раж а, кеп а хийца мега аьлла хета дукхаъчу тергамхошна.

XS
SM
MD
LG