ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Петирова ПетIамат. КIеда а, чорда а, эсала...


Петирова ПетIамат

***

КΙеда а, чорда а, эсала, къиза а,
Мекара, догцΙена, хΙиллане, догдика,
Майра а, стешха а, ямарт а, тешаме
Амалш лов, дуьне, ахь, ца духуш собарх.

ДоттагΙчо тΙаьхьашха тешнабехк бича а,
Шех тешна езар а лейича везначо,
Ненан дог дожийна кΙант араваьлча а,
Хьайн боларх ца телхаш некъ бо ахь цхьатерра.

Мацвелла шен ваша дага а ца вогΙуш,
Ша вуьзча, токх хилла, ваша чувирзича,
Я хьаша совваьлла хΙусамда хьаьвзича,
Ца хΙутту бахьана хьо доьхна дΙадаха.

ХΙай дуьне, дийцахьа, муха лов ямартло,
Муха хьо хьийза-те, оьгΙазло ца евзаш,
Хьо хΙунда ца эккха харцо сов яьлча-
Я бакъо эшаяр тайна-те хьуна?

Ца лало соьга а къизалла, харцо,
Доккхаден меттиг бац осалчу нахах,
ХΙетте а, йиш яц сан оьгΙазло дебон,-
Ас доггах ларйийриг къонахийн юьхь ю.

Бехк лоьцу сайца гΙилкх лелочу кΙентех,
Оьздачу мехкарех буьзна бΙаьрг боьлу,
Хьомсарчу наноша доьзал беш декъал,
Хьаналчу рицкъано токхдо сан са.

"Ма-хетта ца хилча, ма-торру" баьхна,-
Массарна ца делла эхь, ийман, яхь.
Аьрхачу доьзалах сов лозу ден дог,
Иштта ю-кх сан амал, йиш яц кхиэл хийца.

XS
SM
MD
LG