ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Осмаев Адамна тIелатар динарг хийца тарло украинхочух


Ukraine – Adam Osmayev, the commander of International peacekeeping battalion named Johar Dudayev. Kyiv, January 21, 2016
Ukraine – Adam Osmayev, the commander of International peacekeeping battalion named Johar Dudayev. Kyiv, January 21, 2016

Осмаев Адамна тIелатар дина аьлла, Украинан полицино бехкевен Денисултанов Артур Оьрсийчохь лаьцна латтточу цхьана украинхочух хийца тарло аьлла "Кавказ.Реалии" портале хаамбина Киеверчу изоляторера схьа. "Таллам барна а пайден ду уьш хийцар", аьлла хьостано.

Талламхойн тоьшаллаш дац ша Осмаевна тIелатар дина аьлла, дIахьедо Денисултановс. Оцу зуламна ша гунахь вац боху цо. Осмаевна герз тоьхна "Глок" тапча шен а яцара, мелхо а ша ву Осмаевс а, цуьнан хиллачу хIусамнанас а зенаш динарг аьлла цо.

"Ас дуьххьара со францхойн журналист ву аьллера, нохчийн эмиграцех киншка язъян материал гулъеш волу. Сайна оьшу информаци каракхаьчначул тIаьхьа, 4-гIа тхо гучу хенахь ас Адаме нохчийн маттахь цуьнца къамел дан лууш ву со элира. ТIаккха Окуеван мохь беара "Ве иза" аьлла. Къийсира оха Осмаевн "Глок" тапча, цо суна машен чохь а гайтинера и. Окуевас тапча туьйхира суна", - дуьйцу Денисултановс.

Украинан талламчаша тергоне ца оьцу ша дуьйцург, царна гергахь оцу гIуллакхан цхьа верси ю – Осмаевна тIелатар дар, - аьлла Денисултановс.

"Цундела ас кхи хIуммаъ ца дуьйцу талламчашна, цара киллер аьлла цIе а кхоьллина суна, кхи дIа талламаш бан а ца хьовсу уьш", - аьлла, тIетоьхна цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG