ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Доза доцу репортераш": Кадыровн репрессеш совцо еза хан кхаьчна


Дешан маршо а, журналистийн бакъонаш а ларъечу дуьненаюкъарчу "Доза доцу репортераш" организацино Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а тIаьххьара хиллачух яздина твиттерерчу шайн агIон тIехь.

"Цхьана кIиранчохь Нохчийчуьрчу "Мемориалан" куьйгалхо лаьцначул тIаьхьа луларчу республикера бакъонашларъярхойн офис ягийна, кхел йоцуш байинчех цхьаннах йиссина зуда а къайлаяьккхина. Кадыровн репрессеш а, цунна дерриг а могуьйтуш хилар а сацо хан кхаьчна"- яздина организацино.

Цул тIаьхьа кхи цхьа твит а зорбане яьккхина "Доза доцчу репортераша". Цу тIехь дуьйцу ши шо хьалха ГIалгIайчоьнан а, Нохчийчоьнан а дозанна юккъехь журналисташна а, бакъонашларърхошна а динчу тIелатарна бехкениг хIинца а билгалваккхаза хиларх.

Соьлж-ГIаларчу "Мемориалан" куьйгалхо Титиев Аюб лаьцна кху беттан 9-чу дийнахь, машенчуьра наркотикаш яьхна шаьш аьлла, бехкала а вуллуш. Цуьнан коллегаш тешна бу, гIуллакх бух боцуш хиларх а, наркотикаш цунна кхийсина хиларх а. Ша Титиевс а бехк тIе ца лоцу.

Кхаарин буса ГIалгIайчуьра "Мемориалан" офисах цIетесна. Организацин белхахой тешна бу, оцу зуламашца Нохчийчуьра "Мемориал" араяккха гIерташ хиларх Iедал.

Кхел йоцуш вийначу шен цIийндех талла араяьлла Теркйистера яхархо Автурханова Амина шен гергарчаьрца зIене ца йолу кIира сов хан ю.

Старопромыслан кIоштарчу полисхойн декъехь латтош ю аьлла информаци лела зорбанашкахь, амма муьлхачу статусехь латтош ю иза цигахь, къаьстина дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG