ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Anti Kadyrov YouTube-канал къевлина ю


Шина кIиранах гергга диллина лаьттира Anti Kadyrov YouTube-канал. Цуьнан агIонашкахь видеош Iорайохура Нохчийчуьрчу яхархочо мехкан куьйгалхочунна критика еш. Болчу хаамашца, карарчу беттан 5-чу дийнахь дуьххьара схьадиллина дара и канал.

Ша Нохчийчоьнан яхархо ю бохучу жимачу зудчо кхайкхамаш бора шен видеошкахь Кадыров Рамзане а, цунан нене Айманига а, махкахь нах лечкъор сацаде бохуш.

"Грозный" пачхьалкхан телехьожийлехь гайтинчу сюжетехь Iораяьккхира оцу зудчун цIе, иза хиллера Францехь еха Гучигова Iайшат. Цуьнан гергара ду шаьш бохучу наха цхьабоса дIахьедира эфирехь, и зуда ГIалгIайчохь яьхна хиларх а, цуьнан психикаца проблемаш хиларх а.

Anti Kadyrov каналан агIон тIехь хиллачу видеошка еарийдийнахь хьажа аьтто бац, долахочо аккаунт дIаяьккхина аьлла яздо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG