ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Евкуров: Меттигерчу Iедална дискредитаци ярхьама тесна ю "Мемориалах" цIе


Махкарчу Iедална дискредитаци ярхьама тесна ю "Мемориалан" офисах цIе аьлла, дIахьедина ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека, амма гIо лоцур ду аьлла, тIе ца лаьцна дуьйцу "Мемориалан" куьйгалхочо Акиев Тимура.

Де хьалха буьйса юкъал тIех яьллачу хенахь, цкъачунна муьлш бу къаьстина доцчцу наха Назранерчу "Мемориалан" офисах цIе тесна.

Яьгна оргтехника а, чуьра йийбар а, документаш а. Адамашна зен ца хилла.

"ТIейогIучу хенахь цхьа агIо ян гIорта а там бу меттигера Iедал, амма цкъачунна цхьана а кепара гIоьналла гайтина дац тхуна я оха а ца дехна цхьангга а орца", - аьлла, дийцина Акиевс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG