Twitter агIон тIехь "аьшпийн хаамийн гIирсийн совгIаташ" кхаьчна толамхой дIакхайкхийна Iамеркан президенто Трамп Доналда. Фейкийн зорбанийн хьалхарчу могIаре хIоттийна Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн экономика цкъа а меттахIуттур яц аьла, материал зорбане яьккхина The New York Times газета.
Тептарехь 4-зза хьахийна CNN телеканал. Iамеркан президентан а, цуьнан кIентан Доналдан а WikiLeaks чуьра хакерийн документашна тIекхочийла хиларх а, финансистан Скарамуччи Энтонин оьрсийн бизнесхочуьнца Дмитриев Кириллца цхьанакхетарх хиларх а информаци Iораяккхарна.
Цхьацца бахьанашца Трампа "аьшпийн совгIаташ" "декъна" TIME, Newsweek журналашна а, ABC телеканална а, Washington Post газетана а.
Фейкан хаамаш Iорабахарехь толам баьккхинарш билгалбаьхначул тIаьхьа, харжамашна кечам бечу хенахь Трампан командан Оьрсийчоьнца бина барт хилла бохург а хьахош, йоза дитина Трампа: "Iамеркан халкъана гергахь йоккха мистификаци ю – Оьрсийчоьнца барт хилла бохург. Барт бацара!", - аьлла президента.
Демократин хаамийн гIирсашца Трампан конфликт дIайоьду цуьнан президентан харжамашна кечамбен кампани йолаееллачу 2014-чу шарахь дуьйнна.
Цо масийттазза дIахаийтира. Кремлца шен харжамийн штабан цхьана а кепара уьйр хилла яц аьлла.
Арахьарчу пачхьалкхашкахь хуьлучу харжамашна юкъа шаьш гIертар Москоха а тIе ца дуьту.