Iамеркан тIеман буьйранчаша Шемахь меттигерчу бахархошлахь вовшахтохарш дан беш кечамаш бу, амма керла арми я дозанхойн ницкъаш кхолларх дуьйцуш данне а дац. Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн тIеман министралло бина и хаам.
Пентагонан дIахьедарехь дуьйцу, "Исламан пачхьалкх" шех олу тоба хIаллакъян йолийна кампани ерзаза ю, Шеман цхьайолчу кIошташкахь хIинца а беш тIемаш бу. Цул совнах, Iамерка коьртехь лаьттачу коалицин ницкъаша джихIадхойх маьршаяьхначу кIошташкарчу бахархошна кхерамзалла ю латтош.
Ишта тIеман министралло билгалдоккху, Шемахь тIеман операци дIахьочу хенахь Вашингтоно Туркойчоьнан интересаш тидаме а оьцуш хиларх а, кхи дIа а Хонкарана ДаIишхошца къийсамехь гIортор латториг хиларх а.
Шеман-туркойн дозанера курдойн кIошташ Iалашъян мисси тIейожорхьама Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн тIома кIел кхуллу "кхерамзаллан ницкъаш" луьрачу критике даьхнера Туркойчоьнан президенто ЭрдогIан Реджепа.
Беккъа курдойх а, церан агIончех а лаьтташ хир ду 30 эзар гергга стагах вовшахтуху эскарш аьлла, хаамашкахь даржийнера.
Хонкарарчу митингехь вистхуьлуш ЭрдогIана дIахьедира, туркойн Iедалшна шайн бартхо лоручу пачхьалкхо, Туркойчоьнна кхераме хир йолу террорхойн арми вовшахтухуш ю аьлла.
Шеман къилбехьа Iамеркан инициативаца кхуллуш долу тIеман эскарш, шаьш зIидигаш хецале хIаллакдийр ду аьлла, кхерамаш теснера туркойн президенто.
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!
Шен адамех тера йоцучу муц1урна т1е тилла еза цо ник1аб, чадра, гали а. Религино кхоьссина, юхадахийтина ночхчий къам. Школаш, университеташ, дарбан ц1ийнаш ца дехкина, маьждигаш, хафизийн (маь1на доцуш, деккъа дагахь 1аморан) школаш а ехкина. Я метишканийн куьцехь бу, я 1аьржа къийгийн куьцехь бу - оьзда духар лелон меттиг йиса а йисиний те?