ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москалькова: "Мемориалах" цIетасар - демократин лога тIе ког баккхар ду


ГIалгIайчуьра бакъонашларъяран "Мемориал" центран офисехь цIетасар цивилан юкъаралла а, демократи а кхиорна тIелатар дар санна ду, бехкенаш каро а беза, царна таIзар дан а догIу аьлла Оьрсийчоьнан омбудсмено Москалькова Татьянас "Интерфакс" агенталле.

"Офис ягор – цкъа а хилла доцу, ирча хIума ду. ХIуъа дина а оцу зуламна бехкеверг каро хьовса деза, хIунда аьлча, цIетасар я бакъонашларъярхоша бечу балхана зен дар – демократин лога тIе ког баккхар, цивилан юкъаралла кхиорехь новкъарло яр санна хIума ду", - аьлла журналисташка Москальковас.

Хууш ма хиллара, кхаарийндийнахь хаамийн гIирсашкахь дийца даьккхира Назранерчу "Мемориалан" офисна цабевзачу наха буса цIе тесна аьлла.

Дикка зен дина бакъонашларъярхойн хIусамна, Москохарчу "Мемориалан" куьйгалхочо Орлов Олега бахарехь. "Оргтехника а яьгна, документийн цхьа дакъа хIаллакдина, хIусамаш йохийна. Терроран акт лору оха ГIалгIайчоьнан территори тIехь динарг. ЦIетасар, нах кхерор, дуьненаюкъарчу организацина зен дар – и дерриге а терактна юкъа догIуш ду", - аьлла Орлов Олега.

"Мемориал" церан мостагI ю, цундела новкъара баха гIерта уьш аьлла Орловс, Нохчийчуьра арабаьхна а ца Iаш, йоллу Къилбаседа Кавказера а цхьана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG