ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Талламан комитето кхи дIа а лохур ву Бакаев Зеламха


Нохчийчуьрчу Талламан комитето Соьлж-ГIалахь вайначу Бакаев Зеламхан хьокъехь бехкхуламан гIуллакх кхи дIа а толлур ду шаьш аьлла, мехкан куьйгалхочо телевизионан эфирехь, иза вийна хила тарло аьлла, дIахьедар динчул тIаьхьа.

Дахначу шеран 17-чу дийнахь полисхойн декъе шен вайначу кIантах хаамбинера цуьнан нанас Бакаева Маликас. Бутт баьллачул тIаьхьа мехкан прокуратурано талламаш болабар тIедожийра Бакаевн дIаварах.

Доьза вайначу Бакаевн, болчу хаамашца, бехкзуламан гIуллакх диллина Лахьан-беттан 22-чохь. КIант вайначу кху 5 баттахь цхьана а кепара хаам ца кхаьчна цуьнгара гергарчаьрга.

Ницкъаллийн структурийн белхахошца хиллачу къамелехь Кадыровс чIагIонаш йо, иллиалархочух шайн волучарна хууш хиларх, амма цхьаммо а тIелоцуш цахиларх информаци Iораяккха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG