ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь яйна зуда карийна Оьрсийчоьнан омбудсменна


Оьрсийчоьнан президентехула бакъонашларъян векал йинчу Москалькова Татьянас хаамбина, Нохчийчохь яйначу Автурханова Аминатца шен зIе хилла аьлла.

"Иза шен цIахь а ю, телефонехула къамел а хилла сан цуьнца", - аьлла "Интерфакс" агенталле омбудсмено. Цо бахарехь, Автурхановас ша ши кIира хьалха лаьцнера, цул тIаьхьа дIахийцира, хIинца шен цIахь ю ша аьлла. Нохчийчоьнан бакъонашларъярхочуьнга Нухажиев Нурдига иза ехачу юьрта а гIой, цуьнгара хьал дийца аьлла, дехар дина ша аьлла Москальковас.

"Новая газетано" кхаарийдийнахь зорбане баьккхинера, кхел йоцуш вийначу Джабаев Зеламхех йиссина хIусамнана Автурханова Аминат зIенера яйна шайн карарчу беттан 8-чу дийнахь дуьйнна, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG