ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-ГIаларчу "Мемориалан" офисан догIанаш дIадоьху полицино


Соьлж-ГIаларчу "Мемориало" лаьцначу хIусаман долахочуьнгара догIанаш деха баьхкина хилла полисхой. Москохарчу "Мемориалан" бакъонашларъярхочо Орлов Олега бина и хаам.

Цо аларехь, хIусаман догIа схьадехна полицино. Шегахь догIанаш дац, арендаторшкахь ду аьлла зудчо. Цул хьалха хеттарш дина цуьнга, мича бух тIехь цаьрга елла ахь хьайн петар, бохуш.

"Айхьа хьаьнга елла хаьий хьуна? Хьо харц юйла гуш дуй хьуна?", - бохуш, садиина баьхкинчара хIусаман долахочун.

Орловс бахарехь, бакъонашларъяран организацин адвокат "Мемориалан" офисе варе хьоьжуш бу полисхой а, петаран долахо а кху сохьтехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG