НуьцIкъала лаьцна латтош я низам дохош цхьана а кепара Теркйистерчу яхархочунна Автурханова Аминатна дуьхьал лелийна харцонаш яц аьлла, дIакхайкхийна Нохчийчоьнан омбудсмено Нухажиев Нурдис.
"Автурханова Аминат къайлаяьккхина бохуш, цхьадолчу зорбанаша а, бакъонашларъярхоша а дийцахь а, и жима зуда шен цIахь ю, могуш а, маьрша а", - аьлла, хаамбина мехкан куьйгалхочун цIарах бакъонаш ларъян векал винчу Нухажиевс.
Автурханова яйна аьлла, информаци шега ма кхаьчча, шен векал вахийтира ша боху бакъонашларъярхочо и гIуллакх талла.
"Шен хIусамехь, гергарчаьрца ехаш карийна иза. КIира хьалха тIекхайкхинера ша аьлла цо полисхоша, шен вайначу цIийнден хьокъехь. Иза ша а кхеташ яц, и информаци мичара яьлла", - боху омбудсмено.