ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан юкъаралхоша а доьху Титиев дIахецар


Нохчийчохь вевзачу нохчийн юкъаралхочо Успанов Юнис Фейсбукерчу шен пена тIехь кхайкхам бина "Мемориалан" Соьлж-гIаларчу декъан куьйгалхо Титиев Аюб маьршаваккхар доьхуш.

Успановс ша ца теша боху бакъонашларъярхо Титиев наркотикашца бала болуш стаг ву аьллачух. "Цуьнах ян чIагIо ю сан. Иза адамийн бакъонашларъяйтарна гIаролехь лаьтташ хилар ду цунна дуьхьалдаьккхинарг",- боху юкъаралхочо.

ХIораммо а Титиевна тIехIуттуш, шена хетарг, майрра дIакхайкхо деза боху Успановс. "Титиев Аюбана тIехIоьттинарг муьлххачу а стагна дуьхьалдаккха йиш ю. Цундела ас дIакхайкхадо, со наркотикех пайдаоьцуш а, чохь латтош а, юхкуш а вац", - яздина юкъаралхочо Успанов Юнис социалан машанехь.

Карарчу беттан 9 - чохь дуьйнна лаьцна, латтош ву Соьлж-ГIаларчу "Мемориалан" куьйгалхо Титиев Аюб. Лаьцна шолгIачу дийнахь наркотикаш лелийна аьлла, бехкзуламан гIуллакх диллина бакъонашларъярхочунна дуьхьал. 60 шаре ваьлла Титиев шина баттана чохь вита сацам бина кхело.

Дахначу еарийндийнахь Норвегин Хельсинкин комитето а, Human Rights Watch, Amnesty International, FIDH, Дуьненаюкъарчу Iазапна дуьхьало латточу бакъонашларъярхойн организацеша катоххий маьршаваккха Титиев Аюб аьлла, юкъахь дIахьедар дира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG