ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шеца доьшучу кIантах леттарг кхеле хIоттор ву Нохчийчохь


Нохчийчоьнан прокуроран Абдул-Кадыров Шарпуддин дехарца Грозненск кIоштан прокуратурано талламаш дIабаьхьна корта лазийна дарбан хIусаме кхачийначу кхиазхочун хьокъехь.

Илиновскерчу школехь физкултуран урокехь шеца доьшуш волчу кIантаца леттачохь и дешархо лазийна хилар билгалдаьлла талламхошна.

Оцу заманчохь хьехархо дIасаваьлла хилла. Цул совнах, школано конфликтан ситуаци ерзорехь цхьа а некъаш ца лелийна.

Школан директорна а, кхечу бехкечарна а дисциплина лардина цахиларна жоьпалла тIедожийна, ткъа чевнаш йинчу дешархочунна дуьхьал долийна бехктакхаман гIуллакх кхеле дIахаьажийна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG