ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Навальный тешна ву Титиевна наркотикаш тесна хиларх


"Навальный Live" шен YouTube-каналехь хIора кIиранах арайолучу программехь Нохчийчохь бакъонашларъярхошна Iедал тIаьхьадаьлла леларх вистхилла политик, оппозиционер Навальный Алексей.

"Къилбаседа Кавказера кху кIиранах дукхха а хаамаш хилла, и хаамаш там боцуш а бу", - аьлла цо. Уггар хьалха "Мемориалан" куьйгалхо Титиев хьахош, политика аьлла "наркотикаш цунна кхийсина хиларх цхьаннан а шеконаш яц", аьлла.

Иштта Навальныйс тергоне эцна "Мемориалан" ГIалгIайчуьра офиц ягор а. Цо бахарехь, "меттигерчу полицин гIоьнца" дина зулам ду и.

Нохчийчохь яйначу Автурханова Аминех а аьлла оппозиционеро. "Лаца а лаьцна, цхьанхьа дIавигинчу шен цIийнден кхолламах дерг хаа лууш араяьлла и зуда а яйна хIинца", боху цо.

Шен видео юкъа далийна Навальныйс Хьалха-Мартанахь шен куьйгакIеларчу полисхошка Iедална дуьхьал болчаьрца къийсам муха латто беза чоьхьарчу гIуллакхийн министран гIовса Алаудинов Аптис дуьйцу дакъа.

Шайн хьаштдерг де, хIуъа а кхоса а мегар ду, чу а бохка а, байа а байа, хьоху Алаудиновс.

"Маж охьа а хецна, хьуьнха хIунда воьду стаг? Цуьнан чуьра цхьаъ вийна, я дIавигина, я цуьнгара цхьаъ схьаяьккхина", - аьлла, билгалдаьккхина Навальный Алексейс.

Иштта цунна хетарехь, Къилбаседа Кавказехь религин экстремисташ гучу ца бийлийта, регионхь социалан проблемаш цхьалха яха еза – алапаш хьала а дохуш, ишта кхи дIа а, дийцина политико.

Ерриг а 13 минот ю Къилбаседа Кавказан проблемаш юьйцуш, Навальныйс яйинарг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG