ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Волгоградехь герзаш диттина нохчочунна а, азербайджанхошна а, оьрсина а


"Перехват" аьлла операци кхайкхийна Волгоградехь. ТаьIначу басара 75 регионан "Инфинити" а, 163 регионера "Лада-Приора" а лоьху Росгвардино а, полисхоша а, хаамбо "Комсомолан бакъдерг - Волгоград" газетано.

Яхначу суьйранна 7 сахьт долучу хенахь веа стагах лаьтта компанин (ши ваша азербайджанхо, Нохчийчуьра цхьаъ, оьрси) садоIуш хилла меттигерчу кафе чохь. Уьш цу чуьра ара ма бевлли царна тIелатар дина.

Кафена 30 метар юьстах сецначу Iаьржачу Джип чуьра герзашца масех стаг охьавоьсина хилла. Кафечуьра арабевллачарна тIе герзаш а диттина, уьрсаш хьекхна. Зулам динчул тIаьхьа къайлабевлла зуламхой.

Оцу компанех кхоъ комехь ву, цхьаъ операци ечу хенахь велла.

"Стаг вер", "Бакъо йоцуш герз лелор", "ТIелатар" артиклашца бехкзуламан гIуллакхаш диллина зуламхошна дуьхьал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG