ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-ГIаларчу "Мемориалан" офисах хьовсуш бу полисхой


Наркотикаш лелийна аьлла, бехке а вина, лаьцна латточу Титиев Аюбан гIуллакхан хьокъехь пIераскан Iуьйранна Соьлж-ГIаларчу "Мемориалан" офисах хьовса полисхой баьхкина хилла, яздо "Новая газетано".

Москохарчу "Мемориалан" куьйгалхо Орлов Олег регионехь ву, кхуза схьаван тIекхочучохь а ву аьлча а, тергал а ца деш, шайн талламаш болийна ницкъахоша иза схьакхачале.

Де хьалха "Мемориало" Соьлж-ГIалахь лаьцначу хIусаман долахо йолчу а баьхкинера полисхой. Кху беттан 16-чохь а, 18-чохь а шозза хеттарш дина цара зудчуьнга, догIанаш а дIадехнера петаран.

Карладоккху, 9-чу дийнахь дуьйнна лаьцна латтош ву "Мемориалан" куьйгалхо Титиев Аюб. 180 грамм марихуана яьккхина цуьнгара, бохуш, дIаъхьедо Iедало.

Титиевс бехк тIе ца лоцу, шена наркотикаш полисхоша кхийсина ю аьлла цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG