ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн мухIажирийн "баба" кхелхина


Австрехь уггаре а евзачарех мухIажаршна гIодархо, адамийн бакъонаш ларъярхо Бок Уте кхелхина оршотан Iуьйранна. Ша кхоьллинчу а, куьйгалла дечу а "Ute Bock Haus“ цIе йолчу кхерчахь ша ехаш хилла йолу Бок мухIажарийн карахь дIаяьлла аьлла, хаам бина Маршо Радион хьостано.

75 шо долу Бок Уте берийн кхетош-кхиорхо санна болх бина яра. Ша пенсе яханчул тIаьхьа шен доллу дахар а мухIажаршна Iуналла дарна леринера цо. Эзарнаш нохчий а чекхбевллера цо куьйгалла дечу мухIажарш чохь Iачу кхерчехула. Австрерчу нохчашна "баба" аьлча евзаш йолчу Бок Утес чохь Iе хIусам а, Iедалшна гергахь оьшуш долу адрес а, юристийн консультаци а, юург а, духар а латтадора ша йолчу баьхкинчарна.

МухIажаршна Iуналла дарна а, адамаллин масала шен дахарца гайтарна а Австрехь маьршачу нахана лучарех уггаре а лакхара пачхьалкхан совгIаташ деллера цунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG