ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кремл реза яц Донбассех тIеэцначу низамна


Кхерамзаллан Кхеташонан декъашхошца Оьрсийчоьнан президенто цхьанакхетар дIадаьхьна Украинерчу хьолах дуьйцуш. Кремлан сайт тIехь яздарца, Донбассан реинтеграцех Лакхарчу Радас тIеэцна низам бIостанехьа дерза там бу Украинан чуьра ситуаци ерзорехь тIейогIучу ханна.

Минскан бертан дийцарийн а, "нормандин форматан" а альтернатива яц аьлла хета Кремлна. Оьрсийчоь агрессор-пачхьалкх а лоруш, юкъадаьккхинчу Донбассан реинтеграцех низамна Москох реза яц аьлла, дIахаийтинера хьалхо президентан пресс-секретара Песков Дмитрийс. ТIейогIучу хенахь конфликт ерзоран перспективана новкъарло йийр ю цо аьлла, тешна ю Кремл, яздо "Украинан бакъдерг" газетано.

Лакхарчу Радас еарийндийнахь тIеэцна Донбассан реинтеграци еш низам. Оцу низамо Луганскан, Донецкан кIоштийн территореш дIалецна хилар а, Оьрсийчоь "агрессор-пачхьалкх" хилар а бакъдо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG