ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ПIаьнказан бахархоша кхи схьадоьхур дац Чатаевн дакъа


Тбилисехь спецоперацехь вийначу нохчийн тIемалочун Чатаев Ахьмадан чалх лаьтте кховдо хIинца а дIакхачоза ю ПIаьнказа. Меттигерчу бахархоша шаьш кхи дехарш дийр дац аьлла, цуьнан дакъа схьадоьхуш, нагахь схьалахь, дино ма хьоьхху, дIавуллур ву шаьш аьлла, яздо IPN агенталло.

Бахархошна хеттачунна тIехь ву ПIаьнказара къанойн кхеташонан хьалханча а

"ТIаьххьарлера хиламаш Чатаевн цIарца боьзна бара. Къанойн хьалханча со хиларе терра, ца воллу со байинчинй чалхаш схьаеха. Доккха вуон деана тхуна тIе. И дерриге а и бахьана долуш хилла ду", - аьлла Гумашвили Зоврас.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG