ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мичча хенахь а оьшучунна орцах йолура Уте Бок, аьлча а... "Баба"


Iедало махкара араваккха сацам бинарг а, Iедална гергахь цхьанхьа официале регистраци йина, адрес оьшург а, тайп-тайпанчу хьукматашкара кхаьчна кехаташна гочдарца гIо оьшург а, чу ваха хIусам йоцуш арахь виснарг а - муьлххачу а кепара гIо лоьхуш, де эшна виснарг ша мича ваха веза хууш вара Венехь.

Нохчашна юккъехь ишттаниг "баба" йолчу хьажавора я воьдура. "Баба йолчу" аьлча массарна а хаьара, юьйцуш ерг Бок Уте юйла, Австрехь уггаре а евзачех адамийн бакъонашларъярхо а, мухIажаршна Iуналла дархо а. МухIажаршна Iуналла дархо хилла ца Iара иза, иза адамна муьлхачу а хенахь орцах долу адам дара.

Оршот Iуьйранна сахуьлучу хенахь ша кхоьллинчу мухIажаршна Iуналла даран кхерчахь ша Iуналла дечу мухIажарийн кара-марахь кхелхина 75 шо долу Бок Уте.

Тамашийна дика адам хиларх тоьшалла дан йиш ю цуьнгара орца кхаьчначу эзарнаш нехан. Ур-атталла нохчашна юккъехь а ву масех эзар стаг, цуьнан гIоьнах цхьана агIор пайда эцна - я цуьнан кхерчахь Iийна, я цо деллачу сурсатех кхача биина, я цо деллачу духарца кечвелла, я цо гочдархо Iалашварца накъосталла дина, иштта дIа кхин а.

Бок Утин кхерчахь мухIажаршна гочдеш, мехаза гIодеш хиллачу Венерчу социалан белхахочо Магомадова Сийлахас дагалоьцу цу зудчуьн тамашийна гIиллакхаш: "Уте Бок кху Австрехь массарна а евзаш яра. Суна а евзара. Со мотт хууш йолун дена ша йолче сагIина нахана гочдан йогIур ярий хьо аьлла, цо дехар а дина, цига гочдан оьхуш яра со.

Цхьана дийнахь кхечу гIалара схьаеана цхьана нохчийн зудчунна гочдан кхайкхинера цо со. Сарахь 4 сахьт даьлча дIадуьйладелла тхо буьйсанна 10 сахьт даллалца дIаса ца дахара Утес цу нохчийн зудчунна чуяха меттиг лоьхуш.

Цо цунна тховкIело лохуш телефон ца тухуш цхьа институци я цхьа меттиг ца йисира, полицина тIекхаччалц. ЧIогIа бIаьрг буьзира сан цунах. Адам муьлхачу къомах я муьлха дин лелош ду тидам беш стаг яцара иза, и адам гIо оьшуш хилчахьана тоьуш дара цунна".

Доллучу дахарехь кхетош-кхиорхо санна да-нана доцучу я дас-нанас дIатесначу берийн Iуналла дечу юкъараIойлашкахь болх бина яра Бок Уте. Цигахь Iеминера цунна гIийлачеран хьал муха хуьлу а, царна мел чIогIа гIо а, гонахьарчу нахера адамалла а мел оьшу. Ша пенсе яханчул тIаьхьа шена буха йисина йолу хан ерриге а цо тIаккха Австре схьаоьхучу мухIажаршна хьажийнера, "Ute Bock Haus“ аьлла кхерч схьа а йиллина, шен цул хьалха мел хилла долу дахар а тIехьа а дуьтуш. Цу кхерчахь ша Iуналла дечу гIооьшучаьрца цхьаьна Iаш а яра иза.

Австрехь уггаре а сийлахьчех пачхьалкхан совгIаташ даларца къастийна йолу Бок Уте меттигерчу аьтто-радикалашна а, хийрачу нахаца цабезам баржочу ницкъашна вуно гома яра.

Цунна дуьхьал къийсам латтабора булваран газеташа а, интернетехь шайн яххьаш а, цIераш а лечкъочу анонимечу наха а.

Делахь а, Уте Бок аьлча бIеннаш эзарнаш могIарерчу наха диканца бекхам кхайкхабора цунна. Немцойн маттахь массарна а «Mama Bock“ аьлча евзаш яра Бок Уте, ткъа нохчашлахь цIе яккха а ца оьшуш, "Баба" аьлчахьана кхеташ дара, юьйцург мила ю.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG