ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Буьйсанан берзалойн" лидерна совгIат дина Кадыровс


"Буьйсанан берзалой" мотоклубан лидерна Залдостанов Александрна ("Хирург") Кадыров Ахьмадан цIарах мидал елла. Mylistory социалан машанехь бина и хаам Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Цо бахарехь, "уггар халачу меттиге дуьххьара кхочу иза, шен хетарг массарна а довзийта". Оцу хаамца Оьрсийчоьнан массо а байкерна а, "Хирурган" доттагIашна а хазахетар дан лаьа шена аьлла мехкан куьйгалхочо.

"Дуккха а шераш ду оха доттагIалла лело, аьтто баьлча Нохчийчоьнан некъаш тIехула мотоклубан декъашхошца хехка а ло тхо", - аьлла Кадыровн дешнаш даладо "Новости" агенталло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG