ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Умаров: Нохчийчохь тоталитаран раж яц


Нохчийчоьнан зорбан министро Умаров Джамбулата "Нохчийчоь Тахана" агенталлана дийцина, мехкан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца, шен Москох Оьрсийчоьнан гIаланашкахь бехачу нохчийн векалшца хиллачу цхьанакхетарх.

"Оха дийцаредира пачхьалкхехь къаьмнашца юкъаметтигаш ларъеш, вовшашца бертахь хила дезарх, хIунда аьлча, Кадыровн некъа тIехь оцу мехаллаша латтош бу бух", - аьлла министро.

Иштта хаамийн гIирсашкахь Нохчийчохь бакъонаш хьоьшуш ю бохуш яьржинчу информацех а вистхилла Умаров.

"Адамийн бакъонаш ларъеш яц, территори тIехь демократи яц бохуш, тIедохку бехкаш бух болуш дац. И дерриге а стенна дуьйцуш ду, Iедалан авторитет йожорхьама, пачхьалкхана дестабилизаци ярхьама. Цхьаболчара эхь ца хеташ дуьйцу, Нохчийчохь тоталитаран раж ю лаьтташ, бохуш.

Вайна тIехь ду бакъдерг даржор, харц информаци тIе ца йитар. Нохчийн къам – къинхьегаме къам ду. Конфликташ, агресси йогIуш яц тхоьца. Республикан таханлерачу куьцо а гойтуш ду, тхо маршонехьа, кхиамехьа гIертий. Цундела тхан къомаца йогIуш йоцу амалш тIе ца эцархьама, оха дуьхьало латтор ю", аьлла Умаров Джамбулата.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG