ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мэй Тереза: Евроберта юкъара довларх, Европа дIатосуш яц оха


Европерчу политикийн Евроберта юкъара ца довлар хьехар тIе ца дитина Британин премьер-минитсро Мэй Терезас. "Брекзитан" шолгIа референдум хир яц аьлла, дIакхайкхийна цо, шоьтадийнахь немцойн Bild газете.

Вовшахтоьхначу Паччахьаллин парламенто шен бахархошна бакъо йитира къастам бан, шайн харжам цара бина аьлла, билгалдаьккхина премьер-министро. Лондоно юкъарлонаш лелор ду европахошца тIеман а, кхерамзаллан а, кхечу а дакъошкахь. "Евроберта юкъара тхо дволарх, оха дIатосуш яц Европа", - аьлла Мэйс.

Евробертан куьйгалхочо Туск Доналда а, Еврокомиссин лидеро Юнкер Жан-Клода а хьалхо Великобританина хьийхира Евробертан юкъара ца довлар.

Нагахь санна, Лондонан урхалло шен хьажам ца хийцахь, 2019-чу шарахь "Брекзит" болх бан йолалур ю, ткъа цунан тIаьхьало негативе хир ю аьлла, дIахьедина Туска шинарийдийнахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG