ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бомбанаш яр хьоьхуш материалаш карийна Интернетехь Нохчийчоьнан прокуратурана


ЦIахь болчу гIирсаца куьйга бомбанаш яр гойту ши сайт хааелла Нохчийчоьнан прокуратурана Интернетехь. Оцу материалашна тIе боьлху некъаш дехкар тIедожийна цара кхелана.

"Теракташ ян Iалашонца пайдаэца тарло оцу инструкцех. Цул совнах, цу кепара информаци терроризмна пропаганда еш санна лору", - аьлла "Кавказан узел" агенталле прокуратуран векало.

Цо бахарехь, Соьлж-ГIаларчу кхеле искаш дIахьажийна пIераскандийнахь. Цара шайн таллам бинчул тIаьхьа интернет-провайдерша блок хIоттор ю оцу материалашна.

XS
SM
MD
LG