ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Mylistory социалан машане 100 эзар стаг язвелла


Mylistory кхоьллинчу Эсханов Мохьмада дIахьедина, хIинцале а Инстаграман аналоган агIонашкахь 100 эзар стага аккаунташ йиллина аьлла. 10 шарахь 8 оьрсийн говзанчаша болх беш бу аьлла Эсхановс Mylistory программана тIехь. "ТIейогIучу хенахь цуьнах пайдаоьцучарна кхи а аьттонаш бан Iалашо ю тхан цуьнца", боху Эсхановс. Цо бахарехь, Инстаграм тIаьхьайита тарло Mylistory-с.

Нохчийчохь керла социалан маша кхолларх дIахаийтира дуьххьара Кадыров Рамзана байначу беттан тIаьххьарчу деношкахь, шен Инстаграмера а, Фейсбукера агIонаш дIакъевлича.

Нохчийн аналог тIехь Кадыровс агIо йиллинчул тIаьхьа, дукха нах буьйлабелла цуьнах пайдаэца. Mylistory хьалхаяьлла Periscope, Tumblr олучу социалан машанашна, яздо "Нохчийчоь Тахана" агенталло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG