ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Австрихошца цхьаьна талорш динчу нохчочунна кхел йина


Залцбург гIалахь дов хаьттира австрихошца тобанахь талораш дар бахьанца лаьцначу нохчийн кхиазхочунна. 17 шо долу жимстаг бехке вора бархI стагах лаьттачу бандин могIаршлахь кафеш чохь а, газеташ духкучу киоскашкахь а къоланаш дарна а, долахошна кхерамаш а туьйсуш, цаьргара ахчанаш дахарна а.

Пхи австрихо а, ши овхIанхо а, цхьа нохчо а хилла талорхойн тобанна юккъехь, талламхоша чIагIдарехь. 16 шарера 18 шаре кхаччалц хенаш йолуш бу уьш.

Даханчу шеран аьхка дуьйна буьйлабелла хилла уьш къоланаш дан. Дуьххьарлера зулам цара Залцбург гIалина йистехь Iуьллуш йолу ресторанехь дина ду. Цигахь кхиазхоша долахочунна а, цуьнан хIусамнанна а тIе герз а хьажийна, 1000 евро даьхьна хилла. Цул тIаьхьа цунах терра цхьа могIа талорш дина цара.

Герз карахь къола динчунна 15 шаре кхаччалц хан тоха йиш ю Австрин низамашца. Амма, Маршо Радион хьостано дийцарехь, зуламаш динарш къона хиларна, уггаре а лакхара царна тоха йиш йолу хан ворхI шой, ах шой ду.

Кхелан сацам тIедогIучу кIирнахь тIеэца там болуш, дIатеттина Залцбургера процесс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG