ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пакистанехь Маршо Радион болх сацийна


Пакистанан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло Исламабадера шайн офис дIакъовлар новкъадеана Маршо Радиона. Талламчийн хьукматаша "Пакистанан интересашца цхьана ца йогIу" араюьйлу программаш аьлла, бехкаш дехкинчул тIаьхьа бина Радион офис дIакъовла сацам.

Оцу хьокъехь Маьрша Европа Радион президенто Кент Томаса дIахьедина, "Радио Mashaal" (пуштун маттахь Маршо) кхи дIа болх беш хир яц аьлла. "Тхан журналисташ – Пакистанан бахархой, шайн пачхьалкхана тешаме бу, оцу шаьш хаамаш Iорабохучу меттигашкахь бехаш а, шайн доьзалш кхиош а бу уьш. Оха тIедожадо церан кхерамзалла Iалашъяр а, шайн болх кхера а ца кхоьруш, хецна бан уьш битар а", - аьлла Кент Томаса.

Iамеркан а, Пакистанан а юкъаметтигаш галъевллачу юкъанна бовзийтина бу и хаам.

Пакистанан эскаран штабан хьаькамо, инарлас Баджва Джавед Камара кху беттан 12-чохь дIахьедира, пачхьалкхо терроризмаца къийсам латторехь а тоъал дерг ца до аьлла йина критика а, Вашингтоно Исламабадана тIеман гIо дар сацош бина сацам а бахьана долуш Пакистанна шена ямартло йича санна хета аьлла.

Маршо Радио – Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн Конгрессан гранто латтош йолу хаамийн организаци ю. ТIаьххьарчу шина шарахь Mashaal Радион журналисташна мел тийсина кхерамаш чоьте эцна цо.

Freedom House Пакистан маьрша пачхьалкх яц аьлла, журналисташ Iалашбечу Комитето хаамийн гIирсашна уггар кхераме мохк лерина и.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG