ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-ГIаларчу "Мемориалан" офисан куьйгалхочун Титиев Аюбан адвокатан Заикин Петран хьокъехь талламан барамаш юкъахбаьхна аьлла, хаамбина талламхочо цхьахволчу Титиевн адвокате. Бехкбиллинчун агIор теш тIе ца вар ду аьлла, довзийтина цуьнан бахьана а. Заикин Петрна иза тамашен хета.

"Церан агIор теш схьа ца варо шеконаш йохкуьйту коьрте", - аьлла адвокато "Кавказ.Реалиига".

Дагадоуьйту, пIераскандийнахь Куьрчала кхайкхира цIеххьана адвокат Заикин цхьацца талламаш бу бан безаш аьлла. Цо дийцира Соьлж-ГIалара дуьйнна схьа сирчу басахь Форд яра шена тIаьхьаяьлла аьлла.

Карарчу беттан 9-чохь лаьцначу Титиев Аюбан шиъ ву адвокат. Цхьаъ Заикин Петр, важа Тельхигов Аслан.

180 грамм марихуана яьккхина шаьш Титиевн машенчуьра аьлла, бехкевина латтош ву иза.

Титиевс и бакъ ца до. Цо а, бакъонашларъярхоша а полисхоша кхийсина ю аьлла цунна наркотикаш.

XS
SM
MD
LG