ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Новосибирскерчу кIоштан бахархой дуьхьал бу президентан харжамашка баха


Iедалан шайн проблемашца бала бац аьлла, Новосибирскан кIоштарчу Татарск гIалин бахархой дуьхьал бу Оьрсийчоьнан президентан харжамашкахь дакъалаца, Шен сайтехь оппозиционеро Навальный Алексейс бина и хаам.

Iедало шайн халонаш тергалъеш ца хиларна, уггар Iедална лазаме хета шайн политикан билламаш хьалха тоьтту бахархоша, харжамашка гIур дац аьлла динчу дIахьедарца.

Татарскехь коммуналан катастрофа ю - газ а, ток а тIеюьгу некъаш тиллина толлушехь, тахана а газ я серло яц оцу меттигашкахь, дуьйцу Навальныйс.

Iедале бинчу шайн кхайкхамехь бахархоша яздо, Байдуково, Кулундийскан микрорайонехь газ а, ток а йоцу кхо шо сов зама хиларх.

Газ а, электроэнерги а тIеяло некъаш дехкина ду, бахархой декхарх буьзна чуьра система вовшахтосуьйтуш, хIетте а кхи дIа дерг Iедало кхочушдеш дац, цара бахарехь.

"Тахана тхуна жоп луш стаг вац, маца сацор ду адамашна тIехь къизалла латтор, тхан дола дан маца буьйлалур бу Iедалан коьртехь берш. И дерриг а гуш долу тхо дуьхьал ду президентан харжамашка даха", -аьлла, яздо Новосибирсерчу Татарск гIалин бахархоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG