ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Германин бундеслигина юккъе ваьлла нохчийн латархо


Немцойн тоьллачу желтойн-римхойн латархойх кхоьллинчу бундеслигин декъахшо ваьлла цу махкахь веха нохчийн кхиазхо Накаев Дени. Кху деношкахь тоьлларш билгалбохучу контролечу кхиазхойн турнирехь дакъадоцуш бара йоллучу Германера спортхой. 14 бундеслаьттара бIе герга латархой гулбеллера къовсаме.

Накаев Денин ши тасадалар хилира турнирехь. И ший а цо толамца чекхдаьккхира.

Накаев Дени масийтаза Германин чемпион ваьлла ву. 15 шо долу нохчийн кхиазхо Нойсс гIалахь вехаш ву шен доьзалца.

Маршо Радиона информацица, шен нийсархошна юккъехь уггаре а тоьллачех спортхо ву иза, желтойн-римхойн спортехь доккха хиндерг долуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG