Шеман къилбаседехь йолчу кIошташкахь курдашна дуьхьал тIеман опрераци дIайолийна Туркойчоьнан эскархоша, хаам бо ББС-но. Туркойн Iедалан векалша дийцарехь, церан эскаран дакъош, Шеман доза а хадийна, чудахана Африн олучу гIала.
Туркойчоьнан премьер-министро Йылдырым Биналис бинчу хаамца, туркройн эскархошна юкъахь дараш дац. HaberTurk ("Туркойчоьнан керланаш") телеканало, цунна тIе а тевжаш, дийцарехь, цу операцин Iалашо ю Африн провинцехь Туркойчоьнан а, Шеман а дозанеху 30 километр кхерамазаллан зона кхоллар.