ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Автурхановас харцдина ницкъаллин структураш ша хьийзош ю бохург


 Автурханова Аминат. YouTube-рчу видео тIера схьахадийна сурт.
Автурханова Аминат. YouTube-рчу видео тIера схьахадийна сурт.

Цхьа шо хьалха Нохчийчуьрчу Iедаша, кхел а ца еш, байина бохучу нахана юкъахь волчу шен хIусамдех хилларг къасто араяьлла хиллачу Нохчийчуьрча яхархочо Автурханова Амината республикерчу телеэфирехь харцдина, ша ницкъаллин структураша лаьцнера бохург. Цуьнга нуьцкъала дайтина иза, хета меттигерчу бахархошна, хаам бо "Кавказский узело".

Цу зорбанан гIирсо дийцарехь, Дечкен-беттан 21-чу сарахь "Грозный" телеканало сюжет гайтина цу хьокъехь. Сюжетан авторша хаам бина, Автурханова Аминат "цIахь берашца ловзуш ю" аьлла. Цу телесюжетаца а догIуш, цунна ша лаьцна хилар хиина интернетерчу хаамшкахула.

Ша жимачу зудчо видеокамерана хьалха дина иштта дIахьедар: "Суна йистхила лаьа со цхьанха дIайигнера, сацийнера иштта дIа кхин а бохуш яздеш болчу нахе. Иза дерриг а бакъ дац. Суна и эладитанаш кIордийна. Совцийша, сох лаьцна хIумма а доцург а ца яздеш. КIира хьалха со РОВД кхайкхинера, хиттира, майрачух лаьцна хIумма а хаий, бохуш. Къамел чекхдаьлча со а, сан ваша а парггIат цIадахара".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG