ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Oxfam: 80% сов бахам долахь бу 1% нехан


Хьал долу стаг а, къен стаг а. Вевзаш воцучу суртдиллархочуьнан болх. Иллюстрацин сурт.
Хьал долу стаг а, къен стаг а. Вевзаш воцучу суртдиллархочуьнан болх. Иллюстрацин сурт.

Кху дуьнентIера 82 процент бахам долахь бу 1 процент нехан. Цу кепара жамI ду Oxfam олучу къеллаца къийсам латточу дуьненаюькъарчу вовшахтохарало бинчу талламан. Цуьнан жамIаш зорбане даьхна Дечкен-беттан 22-чу дийнахь.

Уггаре а хьал долчу нехан бахамаш алсамбевлла дIадаханчу шарахь 762 миллиард долларна. Оццу хенахь кху дуьнентIерачу ах бахархойн хьал хийца ца делла, хаам бо Oxfam вовшахтохаралло.

"Миллиардераш алсамбовлар экономика кхиаран гайтам бац, экономикан къепе хIаллакъхиларан гайтам бу", - аьлла цуьнан директоро Бьяньим Виннис.

Цо бинчу кхайкхамца, сацо деза цхьацца бахьанаш а лоьхуш, концернаш а, хьал долу нах а ял яларх кIелхьарбовлийтар, язо "Немцойн тулгIено".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG