ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн доьзал цIахьажош бу Австрин Iедалша


Венера кеманийн порт. Архивера сурт.

Австрехь тховкIело йоьхуш хилла ТикаевгIеран доьзал арабаккха кечбина меттигерчу Iедало, иза дан бахьана дац аьлла. Диъ бер а, церан да-нана а Венерчу кеманийн портерчу набахтана чубоьхкина кIирандийнахь.

Iедало лар а беш, шаьш сецош хиллачу Швехат аэропортана уллерчу контейнерах йинчу хIусамера дIавигина доьзалан да Тикаев Роман. Цуьнца цхьаьна Iедало набахте дигина цуьнан хIусамнана а, диъ бер а.

ТикаевгIеран доьзал тIаьхьарчу масех дийнахь шуьйра бевзина Австрехь, уьш Оьрсийчу дIа ца балийта цхьамогIа юкъараллин жигархой арабовларна. ЦIеяххана исбаьхьалхой а, адамийн бакъонашларъярхой а, журналисташ а бу цу доьзалехьа гIо доккхуш.

Ялх шарахь цу махкахь бехаш болу ТикаевгIар вуно дика интеграци йина а хиларна, церан бераш массо а школехь дика доьшуш а хиларна, уьш Австрехь битийта акци йолийна жигархоша.

«ТикаевгIеран доьзал Австрехь бита беза», цIе йолуш петицина бухах гулдеш куьгайозанаш ду карарчу хенахь интенетехь.

XS
SM
MD
LG