Гуьржийчу вахана Соьлж-ГIалин мэр Хучиев Муслим. Тбилисехь а, Батумехь а иза цхьаьнакхетта цхьацца Iедалхошца. ХIун хаттарш дара дийцаре динарш дуьйцуш дац, яздо Кавказ.Реалиино".
"Рустави 2" телеканало дийцарехь, Соьлж-ГIаларчу администрацин белхахоша бакъ дина Хучиев Гуьржийчу вахар, амма дехар дина иза дIоггара даржа ма дахьара аьлла.
Хучиев оьгIазе вистхилла шега хаттарш дан гIоьртинчу гуьржийн журналисташка.