Дагестанера бизнесхо Чагучиев Махач вийна Москох, оршотан дийнахь, хаам бо dag.life сайто. Оьрсийчоьнан коьртачу гIалахь иза хилла, «Техноюсоникс» компани а кхоьллина, машенаш юхкуш.
Талламхойн версица, мила ву хууш доцучу стага лаххара доьазза герз тоьхна Чагучиевна. Зуламхо къайлаваьлла.
51 шо долу бизнесхо вийна хила мега, аьлла хета полисхошна, цуьнан бизнес бахьана долуш.