ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Элдин Микаил. Гуьйре.


Элдин Микаил. Гуьйре

Нохчийчохь уггаре а хаза мур бу гуьйре… Гурахь хIутту и валарний-ви- сарний, серлонний-боданний, кхетамний-синний юкъара хьаса бозало юкъ. Чохь садолу дерриге а хIума шаьш кхоьллинчу Далла, лаамехь я лаамаза, герга хуьлу мур бу-кх гуьйре.

Адамийн къих цIанделча санна, сирла, хьаьъна хуьлу хиш, ткъа стигал – кIорга, кIорга… Iаьмнаш а хуьлу сирла-сийна, бух а ца гуш, шайна чохь цхьа еза-сийлахь къайле хьулйича санна…Малх а ца боьлу… шен дуьххьарлечу доьзалхочунна – кIантана – къежа къона нана санна, къежа и.

Дерриге а дуьне дашочу духарла хьаьрча. ХIаваъ а ца хуьлу корта бахош… И мерза хуьлу. Эзарнаш зевнечу эшарех Iехалуш, хьере ца хуьлу дуьне а…

Беккъа гIайгIанечу мукъамца аьхке новкъайоккху Iа даккха дуьсучу олхазарша а, стигалахь хезачу гIаргIулийн асано а…

ДогIанаш а ца догIу. ХIан-хIа. Уьш доьлху. Меллаша, гIайгIане…

ГIайгIанечу, исбаьхьчу гуьйренна тийна доьлху уьш…

Ткъа лаьмнийн баххьаш Iуьйренан дешийлахь къегича, моттало…хьомсарчу везаран лепачу гIалкха а хьоьжуш, кечлуш ерг паччахьан исбаьхьа йоI ю... Нохчийчохь гуьйренан юьхь йовха, беркате, цIена хуьлу…

Лаа олуш ма дац цунах халкъалахь: "Байн гуьйре" а… Гуьйре шатайпа мур лору нахаша. Гурахь до ломахь ловзарш а, нускалш а гурахь даладо, керлачу цIенош чу а гурахь бовлу, чIираш а гурахь юьту, мостагIаллина масалаIат а гурахь лоху…

Гуьйре – машаран, вовшийн гIо даран мур ма бу. Гуьйре комаьрша а, шена а дика ца лоьхуш а ма ю. ГIайгIане а ю-кх иза. Цуьнан гIайгIанехь дахаран а, Iожаллин а къайле йовзар а…

Гочйинарг Петирова ПетIмат

Элдин Микаил нохчийн поэт.

XS
SM
MD
LG