ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бексултанов Муса. Юрт, урам, бералла


please wait

No media source currently available

0:00 0:12:32 0:00
Линкана тIе

Бексултанов Муса

Юрт, урам, бералла

… уьш бераш дара, кегий бераш, Iахарий санна, цхьаьна кхуьуш, кIант, йоI бохург, дан а доцуш, диъ-пхиъ шеран, цхьана хеннара,

цхьаьна уьдуш, ловзуш, хьийзаш, цхьаьна лиэташ, доьлхуш, нанойн дов долуш, цу берийн нанойн, шайн-шайн бер хастош, чохь сецош, къестош…

… сахуьлура, доккха са, малх гIоттуш, Iуьйре, бераш юха а арахьовдуш, юха а дуьйлуш, ловзуш, лиэташ, нанойн дов дуьйлуш, яппарш еш, вовшийн луьйш, шайн бераш чехош, цуьнца-вукхуьнца ма ловза, бохуш, бер хьостуш, тедеш, кампет луш, Iаж, пирянг, ков къуьйлуш, бер лардеш, берана тIера бIаьрг ца боккхуш, садовш, юха буьйса юлуш, малх гIоттуш, де долуш, бераш юха а арахьовдуш, иштта ловзуш, лиэташ, дов долуш, доьлхуш, юха дуьйлуш, йистбIаьрг лелхаш, шаьш техкина цIераш йохуш, шаьш вовшийн техкина цIераш: хьо кхаба – бат йоккхачуьн, муцIара хьач – корта буткъачуьн, виран лергаш – лерг доккхачуьн, пхьагал-ког – астагIчуьн…

…кIахь-кIахь-кIахь – диэка аьзнаш, чан гIаттийна урамаш, муьста хьечаш, аьрга кхораш, москалан "чIов-чIов", виран мохь, жIаьлин гIалх: "Во-о Ризван, Шамси, Дагата, Хадишт!" – шайн берашка кхойкху наной, шо-шерашца, бIаьстенца, аьхка, кхечу урамашка, юьрта йистехьа, ловзарна генадуьйлучу цаьрга, шайн берашка кхойкху наной, чудуьйла, бохуш, хIума яа шайна, юха- юха а, юха а кхойкхуш, ца хезаш, жоп доцуш, дог этIаш, моха оьхуш…

… хIума кхаллале я дузале, "хуртI" олуш, цхьана къурдаца хих буьзна пела бассош, юха а дIа арахьовду бераш, юха а изза маьхьарий, цIогIа, юьрта тIехула ека гIара, тIаккха суьйре, буьйса, Iуьйре, ишкол, бохуш, хеза дош, цIена коч, Iаьржа мачаш, цхьа тетрадь, киншка а, ненан куьг, кIайн ишкол, стоьла хьалхахь – шишша цхьаьна – кIантаца йоI, йоIаца кIант, цхьана куьпара, лула-кулара…

… сиха денош, йоца буьйса, корал ара хаза дуьне, ненан дов: «хIара хIун ду, мотт сецна хьан, дIадешал…"

… ши-кхо шо, кхо-диъ шо, хьалхара класс, йоьалгIа, буожабераш буьрканах ловзуш, юьрта йистерачу Iома чохь луьйчуш, тIаккха хьуьнхахь стеш дууш, царна тIаьхьа уьду зудабераш, наноша уьш чехош: «хьо йоккха йоI, эхь ма ду, нехан кIенташца яьлла лелар…"

….зудаберийн дегабаамаш, шайн кIенташца къийсалуш, оьгIазъоьхуш, дов дохуш: «ахь кхи яздел сан тетрада тIера схьа, яз-м йийр яц, хьо дIагIахь, вай цхьаьна ловзийта аша, дIа а ца оьхуш…"

… ловзаран кеп, халла детта са, зудаберех лачкъа гIерташ, хьуьнха даха я Iома тIе… …цхьаннан корта «лозу», вукхуьн – ког, кхозлагIчуьн дог ца догIу, цхьацца водуш я шишша, массо а кIант – доцчу бахьанашца – волу-волуш, юьстахволу, юха цигара, къайлаоьккхуш, массо а цхьаьна дIалечкъа, зудаберашна ца гойтуш, лийча даха я хьуьнхарчу тарсалан бен лаха…

… тIаккха, Iуьйрана, ишколехь, зудабераш дист ца хуьлу, тетрада тIе куьг дуьллу, тIера схьа ца язйойтуш я хаьттича, схьа а ца олуш…

…пхоьалгIа класс я ялхалгIа, зудабераш даккхий хуьлу, жимма даккхий, чIабанаш а йолуш, сирла бIаьргаш, шера юьхь-бос…

…кIентий цхьа цеце хьуьйсу, уьш дуьххьара гуш санна хиэташ, и хIун ду ца кхеташ, юха дицлуш, дагадеънарг, дагадале дицлуш…

… цхьана йоIа, цхьана луларчу йоIа, сарахь, шайн урамехь буьрканах ловзучу берашка а хьоьжуш, гIантахь ша хиъна Iаш, шен луларчу цхьана кIанте, иза ловзарна юкъараволуш, шена юххе сацавелча – кIант ваьгна хуьлу, буьрка схьа а ца лацалуш: «хьо суна чIогIа дика хиэта, – олу, – суна дика кIант хиэта хьо, Шамси…кхуззахь, гIанта, цхьаьна хиъна Iайтахьа вайшиъ, …йитахь и буьрка а, уьш а… ас кино йийций хьуна "Сумерки"… мел чIогIа ю хаьий хьуна, со йилхира…"

… кIант Iадда лаьтта, бIаьргаш а детташ, цо хIун боху а ца хууш, иза хIунда йоьлху, хIун кино, хIун сумерка, цо хIун дуьйцу… … кIант хаза хуьлу, чIогIа хаза, пхеа йоIана тIаьхьа вина, цхьаъ бен воцу хьоме кIант, хаза лелош, коча кхиош, чкъург санна хьийзина еха барула можа месаш а йолуш, стиглан басахь боккха ши бIаьрг а, йоьIан классера, цхьана хенара, цхьана урамера, лулара, кевна дуьхьал ков долуш…

… йоI кIант сацо гIерта, цхьаъ олуш, кхин хоттуш, шеца сацо, шена уллохь, гIантахь шеца охьахао, «киндер» чохь карийна пIелган буьхьигал жима маьIан Iаьржа мотцикл а кховдош цунна… йоIа дуккха а хIумнаш дуьйцу, цкъа цхьаъ дуьйцуш, юха важа, тIаккха кхечунна тIейолуш, цхьа а кIорге, бух боцу хIумнаш, цхьа пайде а доцуш долу, кIант сацо, шеца вита, шена уллохь, цхьана гIантахь…

…йоIана кIант хазахета чIогIа, иза санна хаза цхьа а ван а воцуш…

…йоI ша а ю сурт санна, массарна а хаза юйла хууш, кхиъна яллалц юьтур йоцуш, къуьйсур йолуш, лоьхуш, нах хIуьттуш, дехарш деш…

… бераша шайца дIакхойкху кIант, ловзаран керла бал боло, сихло, бохуш, схьавада…

… кIант дIахьоду, йоI а йицлуш, йоI хила а ца хилча санна, цо шена елла мотцикал гIанта тIе охьа а кхуссуш: кIант жима ву, йоI йовза, йоI бохург, хIун ду хаа, кхиъна валаза, гIенаш ганза я гIенаша самавахаза…

… йоI, гIоттий, чуйоду сихха, дIакъайлаяла, дIалачкъа…йоьIан бIаьргех хиш туху схьа, лаг къуьйлуш, балда хьодуш… йоI шенна йоьлху, ша-шена, баттахь я кхаа баттахь диттина са хеца а луш…

… шо долу дIа, кхин ахшо, бIаьсте а цхьаьна, аьхке а, йоI кIант шех кхетийта гIерташ, цунна елалуш, забарш еш, хьач кхуссуш, йистбIаьрг лелхаш, цуьнца ядарех къовсалуш, кIант, водий, дIавоьдуш, берашца ловза, тийсавала, лиэта, турник тIе кхийзавала…

…шо-шерашца гуьйре а йоьлла – йоца аьхке чекхйолуш, – ворхIалгIа класс йолаелча, кIентий генна кегий хуьлу, пIелгаш санна, вортош а йолуш, нIаьна- кIорнийн санна аьзнаш а, цхьа дуткъа, доца, дехкачух терра…

…зудабераш кхиъна хаало я кхуьуш, кхиа дуьйладелла, хенашка кхочу, еха месаш, лекха догIмаш, деха пхьаьрсаш, кIайн, деха, хаза лагнаш а церан, цIен балдаш а, цIен стеш санна…

… кIантана йоI дуьххьара го, шен урамера, цхьана классера, шен лулара йоI Дагата, корах хьаьжча, церан кор а гуш, церан нана а, цициг а гуш…

… кIант цецволу я ца кхета, хIинццалц шена муха ца гина, оццул хаза, лекха айелла, и нана-боккха ши бIаьрг цуьнан, юьхь юьззина боккха ши бIаьрг, дуьне серладолуш санна, баьццара-сийна, хи санна, сирла, юха кIаьгнаш, иза елаелча, беснеш тIехь хьаьвза ши кIаг…

…кIант кхуьу-у-ш, кхиаволало, шо хьалха я ахшо хьалха, ша йоIах цакхетар

хIин-хIинца хIун ду а хууш, цо шена елла мотцикал, цуьнан хьежар, шеца саца, бохуш, шеца гIантахь Iе, бохуш, йитахьа и буьрка, бохуш, кино юьйцуш, юха киншка, безамах йолу стихаш йоьшуш, кхуьнца уьдуш, хьечаш детташ…

…кIантана йоьIан белшаш го, парти тIехь, шена хьалхахь хиъна Iачу йоьIан аматаш: доIах басахь месаш цуьнан, цуьнан бесни, бIаьрган бист а, цхьа хаза архь а цуьнгахьара схьа, цунах еттало тамехь хьожа…

…кIанта сих-сиха къурдаш до, деса къурдаш, екъа бага тIадо санна, шен балдаш а цIубдеш.

…горгали а бекна, арадевлча, кIантана йоI цхьаццанца го, итталгIачу я

цхьайтталгIачу классерачу кIенташца, иза бен, кхин йоцуш санна, ишколехь цхьа йоI бен, массо а цуьнца, цунна гонаха, Дагата, бохуш, Дага, цуьнан цIе йохуш, буьйлуш цунна, зудабераш а, массо а – цунна уллохь, цуьнца хила лууш…

…кIантана хIинца ала лаьа цуьнга, иза шега цкъа ала гIиртинарг: со хьох ца кхетара, олуш, хIетахь суна ца хаьара, дитахь и зудабераш, и кIентий а дIабахахь, суна санна хьо цхьанна а иштта, суна хьо е… еза ма еза, хьо санна цхьа а…

…денош оьху, кIиранаш, йоI кIенташца, зудаберашца, ишколе а цаьрца дIа, цигара цIа а уьш цхьаьна болуш, цхьацца кIант-йоI я шишша цхьаьна, луларчу кхунна гуш а йоцуш, я хезаш а, хаалуш а йоцуш, ишколехь кIенташца, нехан кIенташца, зудаберашца…

…кIант цуьнга хьоьжу, цу йоIе, лулахочуьнга – Дагате, йоIа бIаьргаш идабо кIантах, стохкалера я лурчахлера ма-ярра ша дагаоьхуш, ша кIанте иштта хьежар, иза ган лууш, цуьнга хьежа, цунна тIера цкъа а бIаьрг ца баккха, хабарш дийца, иза кхето, кIанте шега алийта, хьо еза, аьлла, суна еза…

… кIанта эххар а олу иштта хIинца, дукха тIаьхьа олу, бIешо даьлча, эзар шо, абаде, йоI йицъелча, йоккхахилча, йоIана кхин везавелча…

…йоI елало, бIаьра а хьожуш: «воккха хилла-кх, Шамса, хьо, – олуш, – хьо кхин а воккха хилчахьана, кхо-диъ шо сол воккха…

…кIант ца кхета, юха кхета: со цул воккха, муха цул воккха…

…юха лазам, доьхна дуьне, шел декъаза цхьа а стаг, дIалечкъаш, къайлавуьйлуш, кхечу новкъахула ишколе, цигара цIа а ишттта генахула, иза дуьхьал ца кхетийта, цунна ца гайта, Дагатина, цуьнца хуьлучу цуьнан кIантана…

…тIаьххьара парта, шианнаш, собранеш, линейка, ишколе кхойкху нана…

…иштта ведда цкъа, хьалххе, ишколера чу а веъна, хIума йиъна ваьлча я юуш: "Хьада, вадал, Шамси, дукха ваха хьо, цIийна тIехьара эса кхечанхьа дIадехкал, буц кхачаелла хир ю хьуна цигара, хьокха кIорга чутохалахь», – нанас а аьлла, дIаведда кIант, ков хердеш, арахьаьжча, арахь йоI а ца гина, ма-хуьллу сиха цIийна тIехьа хьаьдча, и йоI цу кIантаца цхьаьна, Дагата цу кIантаца, цунна йоьлуш, кхеран цIийна тIехьа… – Да… Дага…

…нанна кIант гича, шен кIант юха, коьвл чоьхьа, кертаца хиъна, голашна тIе корта буьллуш, хIиъ-хIиъ деш, Iовгаш уьдуш, дегI кхийсалуш, детталуш…

…нана тIехьаьдча, маравоьллича, хьаста волийча, хьаьстича, хIун хилла, олуш, оба яьккхича, дог кIаддича, са тедича… – Дагата яц, и Дагата… нехан кIантаца… цIийнан тIехьа…цунна йоьлуш… цуьнца хабарш… цуьнца цигахь дIа а хIоьттина….

– Вай-вай-вай! Цуьнан яла нана, шен кIентан яла шен нана! И йилбаз, йоI аьлча а, и ши бIаьрг а керчош суна, сан кIантана халахетийта, йилбаз яI, ва йилбаз… ас ший ност а цуьнан кагйийр…, – нанас дIа марахьарчийна, дIахьаьстина, обанаш яьхна, кIант тевеш, теван гIерташ, дIайицлуш, йицъелла, цу хене, жималле, цу шерашка, цкъа дайначу, юрт, урам, бералла, дагалецамаш, безамаш, довха бIаьрхиш, сатийсамаш, юха кхано, дIа къанделча, даккхий хилча, хан яьлча, дагаоьху и мерза хенаш, дависа, боху, дагалецамаш, йисте кхаьчна шерийн мур, бIаьргех оьгу хинтIадамаш…

Ткъа кхузахь, тахана, хIинцца, цхьана кхечуьнца йоьлу лулахо, ненан марахь воьлху жима кIант а…

2016 шо

Авторш

XS
SM
MD
LG