ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Арсанукаев Шайхи. Хьан сирла сурт


Арсанукаев Шайхи

Хьан сирла сурт

Нагахь со велхьара художник говза,
Ас дуьллур дара хьан нур сирла сурт,
Ас дуьллур дара и басаршца ловза.

Нагахь со велхьара музыкант говза,
Ас дуьллур дара хьан зевне и сурт,
Ас дуьллур дара и аьзнашца ловза.

Амма вац художник – йиш яц сан дилла
Басаршца ловзу хьан нур сирла сурт.
Вац со я музыкант – доьгIна ца хилла,
Аьзнашца ловза а хьан зевне сурт.

Делахь а, хьожур ву со хьан сурт дилла,
Iийр вац со диллаза хьан сирла сурт!
Зевнечу стихашца хьожур ву яздан
Хьан сурт со, дешнашца йоккхуш сайн тир.

Стихаш сайн хьожур ву, хьо санна, хазъян,
ТIаккха уьш, теша со, хьоьх тера хир.
Ницкъ кхачахь, сайл тоьлла, хьоьх тера яздан,
Стихаш сан, хьо санна, исбаьхьа хир!

Сан стихийн бIаьргаш а хир бу сов сирла,
Хьан ши бIаьрг санна, нур сан дагна луш.
Цу стихийн зевне аз хир ду сов сирла,
Хьан аьхна аз санна, сан даге луьйш.

Цу стихийн довха дог хир ду сов сирла,
Хьан догу дог санна, сан дагах уьйш.
ХIан-хIа, со Iалур вац хьан сирла амат
Кхоллаза, стихашца яздаза и.

И сурт ас дуьллур ду, ца кIордош Iама.
Цул хаза сурт хир дац дуьнен чохь кхин.
Дуьллур ду тIаккха ас хьан сурт, хьан амат –
Сайн деган баьрччехь дIауллур ду и!

XS
SM
MD
LG