ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Арсанукаев Шайхи. Моьттура суна...


АРСАНУКАЕВ Шайхи

****
Моьттура суна сайн къанъелла нана
Ехаш ю, ца бевзаш Дуьненан бала,
Доьзалан дезарша хьулйина ане,
Ца хаьа заманах ойлане яла.


Амма, цкъа сатоссуш, хезна цхьа тийна
Шабарш, со дIахьаьжча: хIоьттина гуора,
ДоIанехь, куьйгаш шен стигла кховдийна,
Ницкъболчу АллахIе дехарш цо дора.


Iара со тап-аьлла, ненах цецваьлла,
Дехарехь дегочу озе ладоьгIуш.
Ткъа нана-м, хьесталуш Везачу Далла,
Йоллура, даггара къинхетам боьхуш.


Адамашна гечдар цо доьхура Деле,
Къинхетам боссабар дегнаш чу церан.
Доьхура нисбар некъ, гIуллакх дан меле,
ШайтIанша Iехийна, галбевллачеран.


Доьхура, даггара Делах шен тешна,
Дицдар Цо адамашна зуламаш, девнаш,
Iалашбар бисинарш цхьалха, деэшна,
Доьхура, мацаллех лардар цо бераш.


Доьхура меттахь Цо латтабар кхетам,
Дуьненан паччахьийн, тхьамданийн, къанойн.
Доьхура дIабаккхар Цо тIеман кхерам,
Цабелхор шаьш бинчу кIенташна наной.


Ца ехи нана-м сан цул тIаьхьа еха,
Амма ду дехаш и цуьнан доIа-дехар.

XS
SM
MD
LG