ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанерчу ХIинжа-гIалахь шайн машен ягор кхерам тасаран акт лерина "Мемориало"


"Мемориалан" машен ягийна оршотан сарахь ХIинжа-гIалахь.
"Мемориалан" машен ягийна оршотан сарахь ХIинжа-гIалахь.

"Мемориал" бакъонашларъярхойн центран кхеташонан декъашхочо Орлов Олега комментари йина Дагестанерчу ХIинжа-гIалахь шайн машен агорна. Цо дийцарехь, иза рогIера бакъонашларъярхой кхеро гIортаран акт ю.

Орловна хетарехь, машен ягийнарг милла велахь а, и "зулам вовшахтоьхнарш лаха беза Нохчийн Республикехь". Ша цуьнах тешна хиларан бух а балийна Орловс.

Бакъонашларъярхочо дийцарехь, Дечкен-беттан 20-чу дийнахь цу машенахь ХIинжа-гIалара Нохчийчуьрчу вахана хилла "Мемориалца" болх беш волу Дагестанера адвокат. Куршлойн-эвлахь цо дакъалаца дезаш хилла Титиев Оюбан гIуллакхехула таллам дIахьош.

Амма талламхочо цIеххьана тIехьатеттина и болх. Делахь а машен цигахь "гучуяьлла". Цундела иза билгалъяккхина хила мега тIелатар дан оьшу объект санна, боху Орловс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG