ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тхэквондо латарехула чемпион волу нохчи аравоккхуш ву Австрин Iедалша


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Тхэквондо спортехь шозза Австрин чемпион хIоьттина волу Сугаипов Юнади депортацин набахте дIавигина меттигерчу полицино.

25 шо долу Сугаипов Залцбург гIалана гена йоцучу Бад Хофгаштайн юьртахь вехаш волу ялх шо дара. 2014-чу шарахь мухIажирашкахула йолчу хьукмато юхатуьйхира цо Австрехь тховкIело йоьхуш дина дехар. ХIетахь, меттигерчу бахархоша гIо а даьккхина, махках ца воккхуш витинера ша вехачу юьртахь берашна карате а, тхэквондо а Iамош волу и жима стаг.

Сугаиповс хIеттехь апелляцин латкъам бинера шен тховкIелонах долчу дехарна делла жоп бахьана долуш.

Цу латкъаман хьокъехь тIедогIучу еарин дийнахь шен адвокатаца цхьаьна хьукматхошна тIекхайкхина хилла Сугаипов, Маршо Радион хьостано дийцарехь. Амма оршотан дийнахь, цуьнан петаре баьхкинчу полисхоша, лаьцна Венерчу аэропортерчу депортацин набахте дIавигина иза.

Цкъачунна болчу хаамца, шинарин сарахь Москох дIахьажор волуш ву и жима стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG