ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Еврокомиссар саготта ву Дагестанехь "Мемориал" хьийзорна  


Муйжниекс Нилс.

Европан Кхеташонан адамийн бакъонашкахула волчу комиссаро Муйжниекс Нилса кхайкхам бина Оьрсийчоьнан Iедалшка, Дагестанера "Мемориал" хьийзор сацаде аьлла.

"Мемориалан" Дагестанерчу декъан белхан телефона тIе кхерамаш туьйсуш хаам баийтинера муьлш бу хууш боцучу наха шинарин дийнахь.

Цунах лаьцна хаам бина цигарчу "Мемориалан" офисан куьйгалхочо Дациев Сиражудина дийцарехь, Цкъа дуьххьара кхерамаш туьйсуш SMS яийтина, вевзаш воцучу стага телефон тоьхна цьаьрга, оцу тIехь болу кхерамаш туьйсуш.

Хьалхо хаам бинера ХIинжа-гIалахь "Мемориалан" машен ягорах лаьцна.

""Мемориалана" рогIера тIелатар дина. ХIинца -- Дагестанехь. Бакъонашларъярхой Къилбаседа Кавказехь хьийзор кхерамечу тIегIане даьлла", - яздина Муйжниекс Дечкен-беттан 23-чу дийнахь шен Twitter-чу микроблогехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG